ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамехь ши стаг вийна Нохчийчохь


Некъахьовзам хилла Соьлжа кIоштан Долински-Керла-Юрт олучу меттигна гергахь. Боккхачу новкъа йогIу машен ца а гуш, ларамаза цунна къелкхоьссинчу машен тIера шиъ велла, ткъа вукха "Тойота-Камри" машенахь хилла кхо стаг лазийна ву.

Царах шиъ Эльмурзаев Висхан а, Бисултанов Мохьмад а кху сохьта а Теркйистерчу дарбанан цIийнехь ву.

Лазийначарах шен дегIа доладалуш мелла а гIолениг ву Ванкаев Сидекъ. Дийцарехь, Iедало а, я бохам хиллачара а бехк ца бо лазийна висинчу гIеметта хIоьттинчу кхаа стеган.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG