Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан реза вац Оьрсийчуьрчу политолого Павловский Глеба «Дождь» телеканалана интервью луш "Кадыров Кремалан "Iуналлан пакетан" да хиларан коьртачу кандидатех цхьаъ ву аьлла динчу дIахьедарна.
"Цхьа шо я ши шо даьлча Кремлана Iуналла дарх лаьцна хаттар хIуттур ду, ткъа, суна хетарехь, Рамзан Ахматович Кадыров коьрта претендент ву Кремлна Iуналлан пакетан дай хила мегачу нахана юкъахь"- аьллера Павловскийс.
И цитата коьрте хIоттийнера «Дождь» телеканало кечйинчу кху беттан 4-чу дийнахь эфире яьллачу программан кийсакна.
Кадыровс шен телеграм-каналехь иштта жоп делла цунна: «Кремлан «Iуналлан пакетах» лаьцна хабарш дуьйцучу псевдохьекъалчаша дагахь латто деза, Кремлан шен да хилар. Иза ву тхан куьйгалхо – Оьрсийчоьнан президент».