Шайн белхана реза болчу юккъерчу школийн хьехархойн терахь лахделла 42 процентана тIера 22 проценте кхаччалц.
Вуьшта аьлча, хIора 100 хьехархочух 22 бен вац, шен балхана реза а волуш, иза беш. Цунах лаьцна «Левада-центро» бинчу талламна тIетевжина яздо «Ведомости» газето.
Цу талламца а догIуш, 28 процентана тIера 34 процентана тIекхаччалц алсамбевлла шайна луш долчу алапана реза боцучу хьехархойн терахь. Цу юкъахь дакъалаьцначу наха хаам бина, шайн алапа 20 эзар сом кхочуш а дац аьлла.
Росстато дийцарехь, 2016-чу шарахь хьехархойн алапа дара 33 эзар сов сом.