ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минкултурехь тидаме оьцур ду Кадыровс «Матильда" ма гайта бахар


Оьрсийчоь -- "Матильда" филм гойтуш даьккхина сурт.
Оьрсийчоь -- "Матильда" филм гойтуш даьккхина сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бинера Оьрсийчоьнан културан министре Мединский Владимире режиссеро Учитель Алексейс яьккхина «Матильда» цIе йолу кино Нохчийчохь ма гайтахьара аьлла, хаам бинера РИА Новости агенталло.

Ткъа хIинца, агенталло дийцарехь, културан министраллан зобан сервисо хаам бина Кадыровн кехат шайга кхаьчна хиларх а, иза тидаме оьцур хиларх а лаьцна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина шен кхайкхамехь, и сацам ша бина хилар, Госдуман депутато Поклонская Натальяс елла информаци тидаме а эцна.

РИА Новости агенталло дийцарехь, «Матильда» филм хьажийна ю паччахьан Николай II-чун еза еллачу балеринина Кшесинская Матильдина.

Хьалхо «Царский крест» боламан декъашхоша дIахьедар динера «Матильда» «оьрсашна а, динан а дуьхьал питана ду аьлла». Ткъа депутато Поклонскаяс латкъам бинера Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуре цуьнан чулацам талла аьлла. Цо дийцарехь, Оьрсийн Православин Килсо ойлаяъ кхайкхийна паччахь Николай II нийса гайтина вац цу филмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG