ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Черкесов: Со вуно къиза етташ хьийзош ву колонехь (видео)


Черкесов Аслан.
Черкесов Аслан.

Красноярскехь 17-гΙа номер йолчу колонехь шен 20 шо токхуш ву Москох футболан фанат Свиридов Егор верна бехке вина гΙебарто Черкесов Аслан. Цо латкъам бина ша набахтехь вуно къиза етташ хьийзош ву аьлла.

ФСИН-ан (ТаIазарш кхочуш дон федералан сервис) а, 17-гΙа номер йолчу колонин а белхахойн цIераш а йохуш, Черкесовс дуьйцу, шена етташ хиларх а, кхерамаш туьйсуш хиларх а лаьцна.

«Уьш берш бевзар бу», - боху цо. Черкесовс иштта латкъамаш бина шена психотропан молха чохь долу мехий диттина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG