ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Госдепан векалца Волкерца цхьаьнакхетар ву Сурков


Украина – Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт Авдеевкехь, 23Товб2017
Украина – Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт Авдеевкехь, 23Товб2017

Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт цхьаьнакхетар ву Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча волчу Сурков Владиславца. Цунах лаьцна яздо «Известия» газето, дипломатин хьасташна тIе а тевжаш.

Оьрсийчоьнан президентан администрацина гергарчу хьастано дийцина газете, Москох хир долчу цу цхьаьнакхетарехь коьрта тема хир ю Украинин малхбалехь хIоьттина хьал дIадерзош Минскехь бина барт кхочуш бар аьлла.

Волкер Iамеркан Украинехь волу леррина векал хIоттийна Товбеца-бутт болалуш. Оцу беттан 23-чу дийнахь иза хилира Донецкан кIоштахь, ша аьлча Украинин Iедалша урхалла дечу Авдеевкехь.

I

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG