«Матильда» цIе йолу кино гойтур яц ГIалгIайчохь, хаам бо Интерфаксо. Бахьана ду цу республикехь цхьаъ бен йоцучу «Дружба» кинотеатран векалшна цу фильмехь динийн ламасташ сийсаз деш ду аьлла хетар.
Хьалхо хаам кхаьчна кинорежиссеро Учитель Алексейс яьккхинчу «Матильдина», рейтинг 16+ а йолуш, прокат ян бакъо луш Оьрсийчоьнан културан министралло кехат делла аьлла.
Оьрсийчохь "Матильда" гайта йолор ю ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь дуьйна. Цунна жигара дуьхьал яьлла ю Госдуман депутат Поклонская Наталья. Цул сов, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалша а дехар дина културан министралле иза шайн республикашкахь ма гайта аьлла.