ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iалам карзахдаларо зенаш дина Нохчийчохь


Кху беттан 9-чу дийнан суьйранна, догIа а тухуш, ницкъала хьаькхначу мохо даккхий зенаш дина Нохчийчохь. Маршо Радион корреспонденто хаам барехь, алсам эшам хилларш бу Теркйист кIоштан Ломаз-Юьртахь малхбузехьа беха юьртахой. Херцийна керт-кевнаш, чудиттина тхевнаш, лач даьхна оганаш кхузахь могIарера гIуллакх ду.

ХIинцца-хIинца кор-неI а доьгIна, тхов а тиллина дина даьккхинчу Берснукаев Шавалун цIийнан оганаш а гам а деш, дIашаршийна тхов. Ишта алсам зенаш хилла БетризовгIаьрна а, УмаровгIаьрна а, ЯхъяевгIаьрна а ишта кхин дIа а.

Iалам карзахдаларна зенаш дина кхечу Нохчийчуьрчу ярташкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG