Дуьненаюкъарчу, ша аьлча, Европерчу адамийн бакъонашларъярхошка кхайкхам бина 2016-чу шеран ГIура-баттахь Нохчийчуьрчу Iедалша лецна дIабигинчул тIаьхьа байначу кегийрхойн наноша.
Цара шайн дехар тIехь долу кехат даржийна социалан машанашкахь.
«Дехар до оха тхайн лечкъийна бераш лохуш накъосталла дахьара аьлла. Кху 7 баттахь царах хилларг хIун ду ца хаийтина тхуна», - яздо наноша. Цу кхайкхаман къеллахь ю лаххара а 10 цIе.