КхутIаьххьарчу эха шарахь кхечу мехкашкара 35 вахархо араваьккхина Нохчийчуьра, мигрантийн низамаш дохийна аьлла. Уьш Оьрсийчоьнан дозанал арабаьхна, гергарчу шерашкахь юхабахка бакъо а йоьхкуш.
Коьртачу декъана махкахбаьхнарш вьетнамхой а, узбекаш а бу боху цу хьокъехь Iедалан векалша даржийначу дIахьедарехь. Царах хIоранна а шишша эзар соьм гIуда тоьхна.
Оьрсийчохь лелачу низамашца а догIуш, иштта кехаташ доцучу белхалошка болх байтинчуy гIуда тохар догIу. Делахь а цу тайпа мигранташ болх боцуш ца буьсу Нохчийчохь.