ТIекхочийла долу линкаш

Нускал далош йогIу машен тIехулаяьлла некълаца дуьхьалваьллачу жимачу кIантана Дагестанехь, хаам бо 5-tv.ru сайто.

Хууш ма хиллара, зуда ялош йогIучу ковран некълоцуш Iедал ду Кавказехь. Ткъа кхузахь машенна хьалха хиинчу стага иза ца сацийна.

Бохам хуьлуш яьккхинчу видео тIехь гуш ду цо машен меллаша берашна тIейохуьйтуш хилар а, цул тIаьхьа иза цхьана берана тIехулайолуш хилар а.

Цунна и бер гуш хилла я ца хилла хууш дац. Хууш дац бер хIун хьолехь ду. Видео тIехь гуш ду и жима кIант ша хьалагIаттавелла хилар.

XS
SM
MD
LG