ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа баркалла аьлла Путинна


Iамеркан президент Трамп Доналд.

Iамеркан президенто Трамп Доналда баркалла аьлла Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Оьрсийчуьра Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалаллийн белхахойн терахь 755 стаган лахдарна, цо гIо дийр ду Iамеркана «дуккха а ахча кхоо» аьлла дIахьедар а деш.

Нью-Джерси штатехь журналисташца къамел деш, Трампа билгалдаьккхира, карарчу хенахь шен администраци бюджетан ахча кхоо гIерташ ю, ткъа Оьрсийчоьнан президенто, цо дийцарехь, «гIо дина администрацина иза деш».

Стохка ГIура-баттахь Iамерко махкахваьккхира Оьрсийчоьнан 35 дипломат, Штаташкарчу президентан харжамашна Трампа баркалла аьлла Путинна юкъагIиртина аьлла. Цул тIаьхьа Кремло тIедожийра 775 Iамеркан белхахочун Оьрсийчура аравалар.

"Коммерсантъ" газето пIераскандийнахь хаам бина, Iамерко тIедожо мегаш ду Оьрсийчоьнна Гезгмашин-бутт болабалале шен Iамеркехь йолчу 4 инарлан консулствох цхьаъ дIачIагIар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG