ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь наркомани эшо воллу Кадыров


Нохчийчохь, наркоманица латтош болу къовсам эвсарбаккха сацам а беш, оперативан го кхоьллина. Оцу хьекъехь шен инстаграмехь хаамбина Кадыров Рамзана.

Къовсам латто кхоьллинчу штабан коьрте хIоттийна Кадыровс шен секретариатан куьйгалхо Ясаев Аламбек. Мехкан куьйгалхочо бахарехь, оцу белхан хаарш долуш ву Ясаев.

Наркоткаш лелор лагIделла махкахь, амма цара хIинца а латтабо баланаш, яздо Кадыровс инстаграмехь. «Йохк-эцархоша керла-керла кепаш лоьху ахча даккха, корта талхочу молханашца хIаллакбо кегийнах» - боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG