Зарратан хинкема «Курс» доьхнча велира цу чуьра 118 стаг - эскархой а, дагестанерчу «Дагдизель» векалш. а
Бохам хуьлуш Баренцан хIорда чохь Iамораш дIахьош хилла кема.
Хиллачух дуьззина хууш дац юкъараллехь – къaйладаьхьна талламан документаш. Официало дийцарехь, кеманчуьра цхьа торпеда иккхина, цунах лилхина кхидолу герзаш а. 20 сов эскархо Iийна кеманан цхьана декъа чохь массех сахьтехь, зорбано дийцарехь, гIо кхачаре хьоьжуш – амма ца кхаьчна.
11 дийнахь гIиртина Оьрсийчоьнан орцан ницкъаш «Курск» чохь бисина нах хичуьра хьалабаха. Делахь а, дийна ца висина стагга а. 2000-чу шарахь айдина бехктакхаман дов дIакъевлина 2002-чу шарахь.