ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI гIалгIайн тIемало бехкевеш вердикт кхайкхийна кхело


Чибиев Масхьуд, Чаниев Зяуди, Аушев Рашид, Цуров Рашид, Точиев Батыр, Хаштыров Султан, Аушев Хьабулла бехке ву шайн лаамехь тIеман тобане хIиттарна, зуламаш дарна, бакъо а йоцуш, герзаш лелорна – иштта ю Къилбаседа Кавказан тIеман кхелехь бехккъасторхоша кхайкхийна вердикт.

Аушевс, масала, некъан инспекторан цIа эккхийта бомба йиллана, Чаниевс шен накъосташца цхьаьна герз диттина полисхошна, велла цхьа стаг, боху талламо.

"Юга.ру" портало баржийна кхелера хаам.

Хьалхо ворх1аннан дов листира ГIалгIайчоьнан кхело. Пхиъ царех бехке вац, шиннан бехк схьацца артиклаш йогIуш ю, аьлла бара сацам. Амма иза юха а баьккхина, дов Ростов хьажийра Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG