КIиранан буса ГIалгIайчуьрчу полицин машен тIе герз тоьхна Несарна гергахь, вийна полисхо, хаам баржийна РИА-Новости агенталло.
ТАСС-о а, кхечу хьостанаша а дийцарехь, бохам хилла Къилбаседа Х1ирийчохь.
«Бовзанза бу машенна герз а тоьхна, 31 шо долу МаьлгIабeкан полицин декъера хадаран батальонан буьйранчийн когаметта Тамбиев Акроман вийнарш», - аьлла полицерчу хьостано.
Зулам а дина, машенахь къайлабевлларш лохуш ю полици.