ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухан губернатор: "Ахмат" - ницкъ бу!


Russia -- St. Petersburg Governor Georgy Poltavchenko presents his annual report in St. Petersburg, Aptil 13, 2016
Russia -- St. Petersburg Governor Georgy Poltavchenko presents his annual report in St. Petersburg, Aptil 13, 2016

КIирандийнахь Соьлжа-ГIалахь «Ахматан» а, «Зенитан» а футболан тобанийн матч йолаяла цхьа сахьт дисинчу хенахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен Инстаграмерчу пена тIе видео оьллина, Петарбухан губернаторца Полтавченко Георгийца а, мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, ЗакСа-н спикерца Макаров Вячеслваца а цхьаьна «Ахмат - ницкъ» бохуш, мохь бетташ.

Оцу роликна буха яздина Даудовс: "Петарбухара тхан доттагIий а бу «Ахматехьа»! АХМАТ- НИЦКЪ бу!", аьлла.

MR7 агенталло хаамбарехь, оцу маьхьарца Полтавченкос латархойн тоба ира-кара хIоттийна хилла, цо язйийриг «Ахмат» футболан тоба яцара.

Карарчу беттан юьххьехь хилира Петарбухан губернатор Полтавченко Георгий Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG