ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан режиссеро орца доьху Кадыровга


Байначу баттахь Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмираташкахь низам талхош ша лела кема стигла а хецна кино яккха гIортарна бехкевина лаьцначу Оьрсийчоьнан кинорежиссеро Манукян Арика дуьйцу, шен накъосташа Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане шайна гIо дехна аьлла. Манукяна бахарехь, мехкан администрацино и гIуллакх шена тIе а лаьцна, Кадыровн гIоьнчано цхьацца хеттарш а деш, оьшу кехаташ а доьхуш болх хIинцале а болийна. И хаам бина «Керланаш» агенталло.

Цул совнах, кIирандийнахь Эмираташкарчу прокуроца цхьанакхетар а хилла, цо дIахьедина гергарчу хенахь диллина гIуллакх кхеле хьажор хилар.

Ши бутт хьалха Абу-Даби гIалахь лаьцнера Манукян нускал дерзорах шейх Заедан доккхачу маьждигна уллохь видео йоккхуш. Оьрсийчоьнан векалтан посола бахарехь, маьждигна гергахь видео яккха пурба даьккхина ца хилла Iедалера кино йоккхучара.

Кинорежиссер карарчу заманчохь маьрша ву, амма Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмиратийн Iедало пачхьалкхара аравала дихкина цунна.

Цунна кхачадо гIуда а, набахтехь яккха хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG