ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойн тоба лаьцна Москох


Москохарчу яккхийчу йохка-эцаран туьканашкахь терроран тохарш дан кечамаш бен зуламхойн тобан шаьш лацарх дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша, хаамбо «Интерфакс» агенталло.

Ресурсан хаамашца, лецначарлахь ву Оьрсийчоьнан цхьа вахархо а, Юкъерачу Азин пачхьалкхера кхо вахархо а. Церан цIераш цкъачунна Iораяхаза ю.

ФСБ-н информацица, лецначарех цхьаъ ву «Исламан пачзьалкх» шех олучу тобан эмиссар, важа оьккхуьйтурш кечйийриг, шиъ террорхо-Iожалхо.

Охан-баттахь Петарбухерчу метро чохь динчу эккхийтарехь вийра 14 стаг, 50 гергга вара чевнаш йинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG