ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирме садаIа баха протест йо украинхоша


Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирме тIаьххьарчу эхашерачохь веана Украинан 100 эзар вахархо. Маршо Радиога бина и хаам Украинан хьошаллин индустрин Ассоциацин куьйгалхочо Лиев Александра.

Аннекси яле хьалха ахгIайритIехь садоIуш хуьлура 4 миллион гергга Украинан турист. Лиевна хетарехь, украинхой ГIирме бахка дуьхьал хиларан «протест» ю и.

Кремло 2014-чу шарахь ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа оьрсийн Iедало официалехь дIахьедора, Симферопол уггар туристаш лела меттиг ю аьлла.

2016-чу шарахь дуйна туроператорша бахарехь, ГIирме билеташ эцар лахделла догIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG