ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIелатарш дарна бехкебечарлахь нохчийн зуда а ю


«Кавказан узел» агенталло хьалхо бинчу хаамашца, кхо бутт хьалха Астраханехь ши некъан полисхо вийнера, ткъа цул тIаьхьа ши де даьллачу хенахь Росгвардин кхаа белхахочунна чевнаш йира. Талламчаша дIахьедира, оцу тIелатаршна бехке Астраханера а, Нохчийчуьра а, Дагестанера а герзах йоьттина тобанаш хилла аьлла. Царех шеконашца шолгIачу тIелатарехь а, леринчу операцехь а вийра виъ вахархо.

Цул тIаьхьа кхин а 4 стаг лаьцнера, тIелатарш динчаьрца уьйрашкахь хилла аьлла. Карарчу беттан юьххьехь цхьахволчу бехкевечун адвокато Велиханов Мурада хаийтира, оцу зуламна бехкебечийн терахь 9 хьаладаьлла хиларх. Официалан хьосташа и информаци бакъ ца йира.

"Бехкевеш лаьцна латтош ву 9 стаг, ю цаьрца вийначу цхьаннан хIусамнана а. Чоьхьарчу гIуллакхийн белхахойн дахарна зен дан Iалашонца тIелатар дарна бехкебо уьш", - яздо Астраханерчу Талламан комитетан сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG