Абу цIе йолу и 17 шо долу кIант дахнчу шарахь гIарвелира йоллучу Австрехь, цу хенахь 15 шо хиллачу Патрисия цIе йолчу меттигерчу йоIана цо етташ гойту видео бахьана долуш. Масех стагах лаьттачу мехкарийн а, божаберийн а тобано го а бина, етташ гора цу йоIана. Абус шозза-кхузза цу йоIана тIара тухуш а гуш дара фейсбукехь масех сахьт далале миллион сов нахана гинайолчу видео тIехь.
Iедалхошна сиха гучуделира зудберах леттарш муьлш бу. Царна юккъехь меттигера австрихойн мехкарий а, ткъа иштта ши нохчо а хиллера: Абуй, кхин цхьа 21 шо долу Амирханий. Нагахь санна, Амирханна набахтехь 8 бутт баьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу депортаци йийр йолуш, цуьнан мухIажаран статус дIаяккхаран процесс йолийна хиллехь а, Абу хIетахь лаца а лаьцна, кхел хиллалц маьрша ваьккхинера. Амма цу маршонах ша тайпа пайда ийцира кхиазхочо. Цо Австрин арахьарчу гIуллакхийн министрна Курц Себастьянна эвхьаза кхерамаш тийсира фейсбукехула, ша хьукматхо кагвийр ву, ша цунна еттар а ю, шена муьлха а гIуда Iедало тухур делахь а бохуш. Бахьана -Курц Себастьян цу махкахь бусалба зударшна юхь дIакъовлуш йолу никъаб йоьхку низам тIеэцаран агIонча хилар.
Кхелехь Патрисияна еттарна набахтехь яккха тоьхна хан кху деношкахь чекх а яьлла, аравала везаш вара Абу, амма хIинца рогIерчу кхелехь иза жоьпе оьзна пачхьалкхан лакхарчу хьукматхочунна кхерамаш тийсарна. Австрин юстицин министралло Маршо Радионе бинчу хаамца, цунна кхин кхо бутт хан тIетоьхна. Цул совнаха, психиатро Абун могашалла теллинчул тIаьхьа и кIант „вуно чIогIа психикца баххашкара схьа сиркхо“ йолуш а ву, „эксплозиве-агрессиве характер“ йолуш а ву, къизалла а, кхечарна ницкъ бан кийча хилар а цуьнца лакхарчу барамашкахь ю аьлла рапорт язйина. Цундела шен набахтера хан чекхъяьлча и кхиазхо коьртана телхинчу зуламхошна синошна дарба дечу леринчу набахте хьажор ву.
Абун нана карарчу хенахь адвокатца дага а яьлла, цу сацамна дуьхьал низамехула г1улчаш яха дагахь ю бохуш чIагIдо юстицин министраллерчу Маршо Радион хьосташа.