ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Iожаллин тобанаш кхуллурш нах бойучарех ца къаьста


«Цхьаалин Оьрсийчоь» фракцин куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь пачхьалкхан президенто Путин Владимира аьлла, социалан машанашкахь Iожаллин тобанаш кхуллурш баккъал а нах бойучарех къаьсташ бац аьлла. ТАСС агенталло хаамбарца, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Путина низам арахецна, стаг ша шена тIе куьг хьочу хьоле валийначунна ден таIзар кхин а луьра деш.

Суициде стаг валийначунна 5 шарера 10 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан тухур ю. Нагахь санна, цуьнан бехках велларг кхиазхо велахь, я доьзалхочух зуда елахь, я психикаца проблемаш ерг хилахь 12 шаре гергга хир ю туху хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG