Ши де хьалха Геленджик-гIалин урамехь кавказхойн хелхар дина аьлла, полици а, гIалгIазкхий а тIе а бетта белла дIалаьцнера 4 гIебартхо. Шиъ полицин декъера аравалийтинера, вукху шинна-хелхавийлинчунна 5 де-буьйса набахтехь яккха хан тоьхна, юкъараллан къепе йохийна аьлла.
Оцу хиламо а, кхечара а къеггина гойтуш ю тахана Оьрсийчохь къаьмнийн юкъаметтигаш муьлхачу хьолехь лаьтташ ю. Цхьана пачхьалкхехь деха цхьа къам ду вай, бохуш даимма кхайкхадахь а, кху тIаьхьарчу шерашкахь билгалдолу, къаьсттина кавказхошна дуьхьал дог-ойланаш чIогIа яьржина хилар.
Ерриге а пачхьалкхна хаза а хезаш, вевзачу журналиста шен иинтервьюхь, кавказхошна маьттаза цIераш а кхуллуш, уьш шайн лаьмнашка цIалахка беза, уьш акха нах бу бохуш дийцича а, цунна цхьанна а кепара терго ца йина ницкъаллийн структураша.
Ткъа могIарера хелхар, ша хIордан йисте кхаьчна аьлла хезахетта гIебартоша динарг доккха зулам лаьрра.
ХIун бахьанаш го нохчийн юкъараллехь, хелхар а магош а ца хилча, аьлла хеттарш дира ас цхьацца тергамхошка. Шела кIоштера вахархочо Тепсуркаев Увайса иштта элира.
Тепсуркаев: "Хелха буьйлурш ца безар дац ииза. Уьш шаьш а бу шортта хелха буьйлуш. Экономикан хьал дика дац. Къаьмнашна юкъахь цабезам баржош лелош хIума ду иза. Хьан лелош ду а хаьа".
Ноьвран- кIоштерчу вахархочунна Тамаев Бисланна кхин цхьа а бахьана ца го кавказхойн хелхарш Оьрсийчохь дехкар- цабезам бен. Иза шуьйра дуьйцуш тахана дацахь а, и сурт лаьтта пачхьалкхехь, элира цо.
Тамаев: "Оьрсийчоьнца вай къовсам болабелча дуьйна схьадогIуш ду и хIума. Вай ца деза царна, вай цаьрца мел чIогIа марзо лелаяхь а, цIий церачуьнца ийдахь а, вай ца деза. Царна мегаш ду ша дерриг, вайчарна мегаш дац. Юкъараллан къепе ларар-кхин гIуллакх ду. Мала а мелла, харцхьа лелачарна таIзар дан деза, амма докхачу декъана вай цадезар ду бухе диллина".
Кавказхойн хелхаран говзанчана, «Вайнах» тобан хиллачу куьйгалхочунна, хIинцац Азербайджанехь пачхьалкхан хелхаран ансамблан куьйгалхо волчу Музакаев Дикалуна хетарехь, дайша леринчу оцу хелхаран сий дойуш цхьаболу нах бу аьлла дийцира цо.
Музакаев: "Вайн дайн олуш хилла цхьа хIума ду «ТIараш тоьхначохь халхавалар осал амал ю» аьлла. Иза боккъала а осал ду. Хелхаран сий дойуш а бу цхьаболу нах. Нохчийн хелхар массарна а хазахеташ ду. Вайн хелхаран тобанаш мичча а яхча, чIогIа дика тIеоьцу уьш. Да хила веза цу хIуманан. Да воцучохь оьгIазло а, цакхетамаш а хуьлу".
Масех шо хьалха кавказхойн хелхарш дехка долийча, Москох оьрсийн зудабераш юкъахь йолчу цхьана тобано акци дIаяхьара ЦIе майдан тIехь «Оьрсашна дукха деза кавказхойн халхар» аьлла цIе йолу.
Цуьнан декъашхочо Кириленко Анастасияна хетарехь, оьрсашна бевзаш бац кавказхой, цундела цуьнах ду и кхерар элира цо ша йистхуьлуш.
Кириленко: "Навальныйс бохучо гойту оьрсашна хууш дац пачхьалкхехь кхидолу къаьмнаш дукха дуйла. Цо боху 85 процент оьрсий бу. 85 бац, 80 бен. Ткъа важа 20 процент кхидолу къаьмнаш ду. Оьрсашна ца хаьа, кавказхоша шайн хелхар цхьа хазахетар хилчий бен деш доцийла. Иза хелхар бен ца дац. Европехь кху дуьненахь мел долчу къаьмнийн хелхарш ду арахь деш. Суна ца хета иза. Боккъала иза ца дезачаьрга хатта деза хIунда ца деза иза царна аьлла".
Оьрсийчохь 3-4 регионехь магийна дац арахь кавказхойн халхар дан. Иза бухарчу нахана Iаткъаме хуьлу, бохуш ду. Дуьххьара Ростов-гIалахь, цул тIаьхьа Ставрополехь а, Краснодарехь а дихкина и хелхарш дар.