ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь нохчо лаьцна


Краснодаран полицига орца даьккхина хилла меттигерчу вахархочо шен машенчуьра телефон лачкъийна аьлла. Хьем ца хуьлуш полисхошна схьакарийна телефон яьхьнарг. Иза хилла Нохчийчуьра схьаваьлла 43 шо долу вахархо. Меттигерчу ницкъаллийн структурийн декъе лаьцна валийна иза.

Иштта талламаш беш гучудаьлла, цо кхи а ши телефон а, ши вилспет а, базарахь ахчанаш а лечкъийна хиллийла. 40 эзар сом бу нохчочо диначу зенийн мах. Хьалха шерашкахь а бехктакхаман гIуллакхаш листина хилла цуьнан хьокъехь къоланаш дарца доьзна.

Краснодаран чоьхьарчу гIуллаккхийн министраллан прессано хаамбарехь, шина шаре кхаччалц хан йогIу курхалчана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG