Орган чIожехь кIира хьалха вайначу стеган дакъа карийна аьлла хаамбо махкарчу зорбанаша. Бердах яхначу машенна 10 метар генахь гучуваьлла кIира хьалха Орга олучу хичу воьжнарг.
Кху беттан 6-чу дийнахь Нохчийчуьрчу Башин-Кхелахь 150 метар лекхачу берда тIера чуяханера кхо стаг чохь а волуш машен. Оцу бохаме кхаьчначу орцанхойн аьтто хиллера цхьаъ дийна кIелхьараваккха. Цо аьллера шаьш оцу машенчохь кхоъ хиллийла а.
КхоалгIаниг хIинца а лоьхуш ву.