ТIекхочийла долу линкаш

Соьлжа-ГIалахь вайна гоьваьлла иллиалархо Бакаев Зелимха. Цуьнан гергарчу йоIа «Кавказ.Реалии» портале дийцарехь, иза Москох вехаш вара, шен йиша маре йоьдучу цIа веана а вара.

"Кху беттан 8-чу дийнахь шен гIуллакхашна араваьллачу цунах лаьцна тахана а цхьа а кепара информаци яц. Полицера а бац хаам", - дийцина оцу йоIа, шен цIе ца яккхар а доьхуш. «Кавказ.Реалиина» масех аккаунт карийра Инстаграмехь Бакаевн цIарах лелош. ТIаьххьарлера сурт шинарийдийнахь хIоттийна ду.

"ХIаъ, Инстаграмехь масех агIо ю Зелимханан, амма со ала ца хIутту муьлхарниг ю баккъал а цуьнан",- аьлла Бакаевн гергарчо.

Нохчийчуьрчу цхьана бакъонашларъярхочо къайлах «Кавказ.Реалии» порталца къамелехь аьлла, Бакаев лаьцна латторна бехке Кадыров Рамзанан администрацера лаккхара даржхо ву аьлла. Амма хууш дац, муьлхачу бахьанашца къайлаваьккхина иллиалархо.

XS
SM
MD
LG