ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера а, Шемара а буобераш цIадерзо комисси кхуллуш ю


«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхеттачийн Шемахь а, Иракъехь а байлахь дисина бераш Оьрсийчу юхадерзорхьама адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонехь комисси кхолла Iалашо ю аьлла дIахаийтина дуьненаюкъарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхочун гIовса Сабсаби Зияда

"ХIинццалц официалехь оцу гIуллакхан терго еш стагга а вацара, шайн гергарлонашца, цхьацца долчу юкъараллашца тIекхиа гIертара шайн доьзалшна гергарнаш", - аьлла Сабсабис.

Цо бахарехь, карарчу хенахь буобераш шайн даймахка дерзо къахьоьгуш ву 40 гергга стаг, ву царлахь иттех дипломат а, консул а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG