ТIекхочийла долу линкаш

10, 11 шо долчу шина йоIана тIехь дас а, дестечо а Iазап латторан дов листи Шеларчу кхело кху деношкахь. Кхелахоша даредарца, даим а етташ, тIехь ницкъ латтош хилла оцу берашна дас а, цуьнан керлачу зудчо а. Дех кхоьручу шина йоIа дерриг а къуьйлуш хилла, цхьанга а дийца ца яьхьаш. Берашна тIехь латточу къизаллех гIараделира социалан машанашкахь дIасакхоьхьуьйту суьрташ бахьана долуш. Кхелан сацамца 4, 5 шераш хенаш йиттина оцу дена а, дестечунна а набахтехь даккха.

Зудчун карахь 14 шо кхачаза бер хиларна тоьхна хан дIатеттина цуьнан, доьзалхо кхиъалц. Иштта суьдхоша 50 эзар сом гIуда а тоьхна цу шинна.

XS
SM
MD
LG