ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш ХIиричохь яржон нохчо лаьцна ФСБ-но


Нохчийчуьрчу 20 шо долчу вахархочо ХIиричу наркотикаш кхехьна, уьш цигахь яржорхьама аьлла, бехкевина Бурий-гIаларчу Советан кIоштан кхело. Аланерчу къайлахчу сервисаша лаьцнера кIант рогIера героин олу наркотикаш дехьаяха бартбечу заманчохь. Оьрсийчоьнан ФСБ-н прессано дийцарехь, и кIант вехачу хIусамехь а карийна ах кила хиллал героин чохь йолу полиэтиленан тIормиг.

Кхело дерриг теллинчул тIаьхьа набахтехь якхха 9 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу жимачу стагна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG