ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламе дирзина садаIар...


ТIаьхьарчу шина-кхаа дийнахь интернетехь гIардаьккхина дуьйцуш ду Испане садаIа бахначу Францехь Iаш болчу Нохчийчуьра кегийрхойн латар, царах цхьаннан керах Италера схьаваьлла Николо Чиатти цIе йолу жима стаг валар.

ДарбанцIийне дIакхачийначул тIаьхьа дIаваьлла иза. Оцу латарехь уггаре хьовзаме хилла мIаьрго гойтуш видео-кийсиг а ю гIаръяьлла яьржина.

Дуьххьара зорбанан гIирсашкахь даьржина къамел дара, Оьрсийчуьра туристийн Испанехь меттигерчарца латар хилла, цу латарехь Италера схьавалар долу 22 шо долу жима стаг вийна, бохуш.

Цул тIаьхьа, цу девнехь хилларш Нохчийчуьра а бу, кхаъамо къиза йиттина италахо вийна, берриш дIалаьцна бу, бохуш, басарш ца кхоош дийцира блогерша а, оьрсийн зорбанан гIирсаша а. Маршо радионо теллича, Нохчийчуьра бу бохуш бийцинарш Страсбургехь Iаш буйла хиира.

ТIаккха кхин дIадерш мел бакъ ду хьовса, уьш бевзаш волчу вайн махкахочуьнца зIене девлира. Дуьйцу Страсбургера Адама:

Адам: "Оцу кхаъаннах шиъ маршаваьккхина. Оцу интернет чохь яржийначу видео тIехь мийра тухуш гуш волу жима стаг Iедало сацийна ву."

Адама динчу къамелаца гуш ду кхаънах шиъ полисхоша дIахецна хилар. Ткъа цу Iоттабаккхамах кхаъ хиллачу блогерша а, оьрсийн зорбанийн гIирсаша а ма -дийццара, кхаъаммо цхьанна йиттина хиллехь, важа шиъ Испанин полицино цIавохуьйтур воцийла кхеташ ду.

Зорбанехь баьржинчу цу хаамехь нохчийн цIейоккхуш хезначу дуккха а нохчашна новкъа деара Испанехь хилларг. Социалан машанашкахь а кIезга бац цу хиллачунна реза боцуш шайн дог-ойла юьйцурш.

Нохчий бу бохуш, Европе а баьхкина, харц-статусаш а яьхна Iаш бу кхечу къаьмнех дуккха а нах, вайн цIарца зуламаш а лелош, бохуш дуьйцу Европерчу цхьаболчу нохчаша.

Ткъа шайн чохь шайн дегIе бахна къона доьзалш берш дика кхета кIант кхелхинчу ден-ненан хьолах а, куьг-бехке ву аьлла дIалаьцначу кIентан ден-ненан хьолах а. Ша доьзалан нана хиларе терра бу цу хиллачуьнга хьежам Францера вайн махкахочуьн Алиева Таисин, дайх-нанойх къа а хеташ, кегийрхой буса хьасартне меттигашка леларна реза а йоцуш:

"Нохчийн кегийн нах буса дискотеке лела ца беза"

Алиева: "Тахана оцу нахана баьллачу бохамах вас хилла суна. Нохчашна а хьовзам хуьлу цунах, бехке боцучарна а бале долу. Дех-ненах а къахета... Нохчийн кегийн нах буса дискотеке лела ца беза..."

Бакъ дуй те уьш берриш нохчий бу бохург, боху шеконаш а яра ватсапехула и Iоттабаккхам бийцаре бечеран. Дуьненчохь хIора дийнахь хуьлуш лаьттачу вер-ваккхаршлахь нохчашкашкара даьлларг къаьсттина гIардолуш хиларан тидам хиллачу нохчашна шайн цIе вочу агIор йоккхуш хилча ца дезар дика кхеташ ду.

Ткъа хIун боху тахана, набахтехь шортта хан яккха тарлуш волчу Страсбургера жима къонах дукха хенахь дуьйна вевзаш волчу цигара вайн махкахочо Адама цунах лаьцна?

Адам: "Дала диканца дIадерзадойла и гIуллакх. И кIант суна дукха хенахь дуьйна вевзаш ву. Кхузахь дешна а, хьалакхиъна а ву и. Зоьртала а, могуш а ву и, делахь а, шегахь долчу гIоранах дозалла ца деш, шех бIобулуш неха коча ца гIерташ, собаре а, бакъхьа а, оьзда хилла а ву кхузарчу нахаца.

Шаьш бахначу метте зулам лаха бахна бацара уьш. Кхузахь юхалург машен а лаьцна, накъостий вовшех а кхетта, кхинболу эзарнашкахь нах ма эххара, садаIа бахна бара хIорда йисте. Шаьш ца лехна хьовзам бу царна цигахь хилларг. Оцу кIанта соьга тахана ма-аллара, ша хила яздинарг хилла царна, шаьш мел цунах идча а кIелхьарадевр доцу."

Кегийрхойн дов даларан бахьанаш толлуш ю Испанин Лорет де Мар гIалин полици.

Кхин дIа а оцу хилачуьн терго йийр ю Маршо Радионо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG