ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Айдамирова Машар. Совдаьлла сагIа


Айдамирова Машар. Совдаьлла сагIа

Ломан дукъара схьахьаьжначу малхо набарна тевжина юрт, партал ха хорцуьйтуш, денйира. Цуьнан экъа дикка йохъялаза яра – алун зIаьнарш шаьш а ма-ярра самацайовларна. Меллаша, тебаш, ша Iемина некъ тоьгуш, гIара–тата доцуш, говза тир йоккхуш, маьлхан чархо керла коч тийгира керлачу денна. ХIинца дегI хецначу ховхачу зIаьнарша а шен болх болийра – ирча гIенаш шеца идош, хаза гIенаш самахна дуьтуш, хIора коре хIуьттуш, нур-серлонах мел боккхура.

Дуьххьара и мел баркаллийца схьаийцира зевнечу олхазарша.

Буса сахиллалц тхих декхаш серладевллачу диттийн гIа-патарша, хьогалла йойуш дисинчу тхин буьртагийн куьзганашкахь зIаьнарша лоьцура.

Оцу хаза бертаяханчу тийналлина юкъагIоьртира шурин кIеж етташ аьчкан чийлако еко зевне вота. Шурин дарцо айбинчу чопалахь хIуьтту лоппаргаш дешех кхалош, жовхIарех лепош, гуонаха хьаьвзира хIинца кхоччуш аьрхаевлла маьлхан кIорнеш.

Исбаьхьчу зезагийн кортийн кIужалша а, стоьмийн зазаша а, баьццарчу бецан памбархато а, оццу шурийн кIайчу чопан дарцо айбинчу мерзачу хьожано дуьненан ялсаманех тардина дIахIоттийра рогIера де.

Еарин де!

Цхьа доккхачу хазахетарца лардора Заванис иза. Малхбуза хенаца арайолий, сагIийна гIемакхаш дIасадоькъура йоккхачу стага.

Уьш а ма хаза деттина хуьлура-кх цуьнан!

Пардо санна дуткъа, цIийдина гIемакх, маха Iиттинчух бIеннаш Iуьргах цаца хуьлий, нислора. Малхе лаьцча, чекх са а гуш.

– Беллачеран синош чIогIа сатесна хуьлу, боху, еари буйсанна гIемакх доттучу хьожане. Стигал-мархашка хьалакхочу боху иза, – олура Заванис.

ТIаккха, хIора гIемакхна тIехула тIуонах ша даьккхина можа даьтта комаьршша тIе дуьллуш, барз боккхий уьш дечиган сахь-кеда а нисдой, лула–кулахула дIасадоькъуш, дIайолалора.

Хьалха-хьалха бераш, ша-ша хьалхавала а гIерташ, тIехьовдура оцу еарин сагIийна. ТIаьхь-тIаьхьа и шовкъ йовш санна а хеталора йоккхачу стагана. Амма, цо дIа ца тосура ша лело гIиллакх, и шен декхар а хеташ дIакхоьхьура.

Оццу лаамца, оццу шовкъаца кхузткъа шарахь доккху сагIа дара иза, цхьа а еари буьйса тIех а ца туьлуьйтуш.

Цунна теш хIокхо каралаьцна дечиган сахь-кад бара – оцу сагIийн хьанала хьакхар чудоьлла, шарбелла, къега. Сибрехара хIокхуьнца даймахка цIадирзина беркат.

Завани аьчкан гIопан кевнах тасаелира, амма иза чухула гIуй а боьллина, чIоггIа къевлина дара.

Хьалха дуьйцинчу серийн зIараш хуьлура нехан, дIасататта атта а долуш, кхайкхича дуьхьалвогIург а гуш,

Лачкъош-дадош хIума а доцуш.

Дерриге а диллина дара, хIусамдайн дегнаш санна.

ГIопах латийна цIен нуьйда а гина, лохачу дегIахь йолчу Заванис, кога буьхьар а хIоьттина, халла цунна тIе пIелг таIийра.

– Мила ву? – схьахезира дехьара хаттар. И хаттар дина аз а дара, и гIап санна, аьчкан зов долуш, цхьа тамашена бендацаре.

– Со яра хIара-м… сагIийна гIемакх… – Завани чекхдаккха а ца йитира.

– Тхо сагIа оьцуш дац… гIийла-мискачарна кховдадехьа и хьайн гI а м а кх а ш, – шога схьахезира дехьара.

Оцу дешнаша ягийна Завани, орца доьхуш санна, гуонаха дIасахьаьжира.

ТIаккха, цецъяьллачохь йисира. Боккъал а, массеран цIен кибарчигах доьттина цIенош, иштта нуьйданаш летийна аьчкан гIепаш, гуобаьккхина тIулгах доьттина пенаш – мел нуьцкъалчу мостагIчунна а яккхалурйоцу гIап–бIаьвнаш ю-кх ша ма-ярра.

ХIинццалц оццул лерина тидам бина бацара йоккхачу стага оцу хийцамийн – цунна адамаш бен гуш ца хиллера. Церан хьал-бахам ган бIаьрса тоьъна хилла хир дац-кха кхуьнан. Я бала ца хилла.

ХIан-хIа, кхин и тайпа нуьйда таIо бIобулур бац кхуьнан.

Хьанна хаьа, оцу керташкара а иштта аьчкан-шога аз схьахазадахь а?

Дагабеара генарчу ГIум-Азехь ша шийла-меца текхна мур…

Дукха хала шайн гергарчарна тIекхаьчча, мацалла уьш белла карийра. Дийна бисина масех нохчийн доьзалш цомгаш, меца, гIорасиз охьаэгна.

Дагадеара,Iожалле уьш дIа ца лахьабайта, ша мел йиттина йорт – гуттар гIаддайча бохуш, ларйина шен дешин хIума йоьхкина, царах деллачу ахчанах цкъачунна молха, юург латтийра мацалло хьаьшначу нахана. ТIаккха, и чекхдаьлча, уьш когахIитталц царна напха лоьхуш, колхозан аренаш ша таллар – ялта чудерзийча, бухахь дисина кIен буьртигаш а, татеш лехьош.

ХIетахь къона Завани бахьанехь дукха синош даха дисира – воккха а, жима а. ХIокхо даьккхина сагIа хьалха а даьлла. Ша керта кхочуш дечиган сахь –кедах дечиган Iайг тухура цо. ЭхI, ма хаза хетара-кх гIорасизчу дархошна и къора тата хезча!

Завани шен къаьхьачу ойланех яьккхира цхьана гIийлачу цIовзаро – цунна дуьхьал хиъна Iара доккха жIаьла, овчарка олург. ХIинцца хIокхо нуьйда таIийнчу кертара араиккхинера иза. Меца, чукхетта чож, кочатесна зIе ю хадийна. Зудчо марабоьллинчу кедана тIедоьгIна бIаьргаш а дац дIадохуш.

– Баба яла хьан, меца ду-кх хьо?! – йиш йоьхначу йоккхачу стеган бIаьргех хи делира.

Цхьана кога тIера вукху кога тIе хIуьттуш, цкъа корта ластош, тIаккха цIога лестош, мацалло багара охьахьаьлхина туйнаш маттаца лехьош, цIийзаш, цхьаъ далхо гIертара гIап-цIийнан гIелделла хехо.

– ХIахI, дIаэца хьайна…гIоза даийла ахь уьш…гIоза!

Завани, шен бассабелла кад мара а боьллина, дIаяхара.

Шайна тIаьхьа дуткъачу аннийн зIара дIа а къовлуш, поппарех доьттинчу цIа чу йирзира иза.

Оцу буса и йолчу Кахьа еара.

– Ахь хIун до хIокху бодане а хиъна?

– Ламаз дина а яьлла, дIатевжжинчохь, чиркх лато мало еш йиси-кх со… Кахьа.

Назбаран гIайби тIе биллина корта болчу тIе а жимбелча санна хийтира лулахочунна, бос а кхечу тайпа, бIаьргийн гонаш а цIийделла, мерадукъ а ирделла.

– Хьо ма хаза яц тховса, хазниг, – реза ца хилира шен доттагIчунна Кахьа. – Тховса ахь деана гIемакхаш дуур-кх бохуш суьйре ца еш Iийна, хьо кхи йогIург ца хилла схьаеара со-м!

Меттара гIаьттина, охьахиъна Завани, шен басмин кучан тIера бустам–йозанаш деша хIоьттира, тIаккха суьлхьанан кочар нисдан. Кегий гIийла куьйгаш дего а дуьйлира, даима эсалчу еларехь нисдина дуткъий балдаш, мелчу махо иэгочу гIа-бецах терра дего озийра. Дуьненан гIайгIа-бала шега чуэцна куьзга-бIаьргаш а идадора доттагIчух. Хуорамаша дуткъдина, тIедаьхна лаг тIера пха-мерзаш а, сихдина хьала-охьа дечу къурдаша ницкъбина къамкъарг а – гулбелла лазам дIакхосса уозийначу секхаIодах тарделлера.

– Схьадийцал хIинца, – омра дира Кахьас. Завани санна кIеда яцара иза, амалца, дашца буьрса яра.

Дерриге а дийцинчул тIаьхьа, доккха садаьккхира Заванис:

– Таханлерчу заманахь сагIа-м мацалла леш бохку аьлла луш даций…Делан къинхетам боккха бу – мацалла яц вайна, тIебогIу бала юхатоха, синошна тIера… Адам дуьзчух тера ду… шаьш сагIа оьцуш дац, – эли-кх…

– Я шаьш а бац сагIа лучарех, – оьгIазъоьхура Кахьа.

– ХIаъ, дуьзна адам, дера дуьзна, – охьаIийдало бIаьрхиш йовлакхца дIадохура вукхо.

– ХIан–хIа, адаман зорх цкъа а бузур бац… я Iебар а. Адам курадаьлла – и ду хилларг, кхи хумма а дац!

– Дог цхьа тамашийна дассаделла-кх сан…. – сих-сиха бIаьргийн негIарш деттара Заванис. Иза кхеташ яцара тахана шеца хиллачух. – ТIаккха а ….кийра лозуш бу-кх сан … дог хаалуш доццушехь…

Сатоссуш, массеран а даг чу шийла сингаттам буьллуш, дехха уьгIира жIаьла. И овчарка олург. Цунах дIакхийтира кхи масех а.

ТIаьххье, дижина Iиллина латта а дегийра.

Баккхийчарна а дага ца догIура, оцу тайпанара чIогIа мохк бегабар.

Хьоло букъбинчу нехан цIен кибарчигах а, кIайн тIулгах а доьттинчу лекхачу цIа-гIаьпнех цхьа къапалгаш йисинера.

ЧувогIучунна пурба даккха йихкина и цIен нуьйданаш а яра ченалшлахь Iохкуш.

Заванех кхи бIаьрг ца кхетча, даго цхьа вониг хьехна, цунна тIекхача сихъелира Кахьа.

Кертахь тийна дара. ЦIа чохь а иштта.

Керчина, цIенкъа юккъехь бертал кхетта Iуьллура дечиган сахь- кад а, цунна уллохь дечиган Iайг а.

ОхьатаьIначу Кахьас схьаийцира сахь-кад – хьанала хьакхар чудоьлла шарбелла, къиэгаш хилла кад басабаьлла, якхбеллера. Нисса юккъехула, ши дакъа деш иккхинера кхузткъа шарахь сагIа кхехьна дечиган пхьегIа.

Кахьас Iайг туьйхира хийцабеллачу кедах. Даима долу къора тата ца делира – иза баьсса бийкира.

ТIаккха чIоггIа кхайкхира:

– Завани!

– …!

Дуьхьала цхьа а вист ца хилира.

Цхьана дикачу адамах дассаделлера дуьне а.

Сатоссуш.

Маьлхан экъа схьахьажжале.

Маьлхан зIаьнарш ловзайовллале.

XS
SM
MD
LG