ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен берашца яйна нана лоьху Нохчийчохь


Теркйистан-кIоштара 38 шо долу яхархо а, цуьнан 13 шо долу кIанттий, 10 шо долу йоIIий йолу меттиг билгал ца яккхалуш талламчаш лехамашкахь болу 3 бутт хан яра. Iела-Юьртара Гидизова Марет, цуьнан гергарчара Iедале бинчу хаамца, шена шина доьзалхочуьнца цIера яьлла дIаяхана, стенга йоьду а доцуш. ХIетахь дуьйна и гина стаг а вац, я цуьнгара кост кхаьчна а дац Маретан гергарчаьрга.

Талламан комитето дийцарехь, шайца дIадаьхьна цара доллу кехаташ а, суьрташ, бедарш, мобилан телнфонаш, ноутбук, масех дешин хIума а.

«Бакъонан инициатива» организацино хоуьйту, Гидизова Маретан нанас дийцарехь, ша Iазапехь латточу цIийндех къаьстина дукха хан а яцара и зуда, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG