ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн лицей елла мега Соьлжа-ГIалахь (ВИДЕО)


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца, вице-премьер Хакимов Хьасан цхьанакхетта Туркойчоьнан дешаран министрца Йылмыз Исметца а, културан, туризман министрца Куртылмуш Нуманца а. Шина агIоно дийцаредина културехь а, туризмехь а, дешарехь а юкъахь болх баран некъаш. Иштта магийна цара Соьлжа-ГIалахь оьрсийн-туркойн лицей еллар а, студенташ дIа-схьа хийцар а кхи дIа дешийта.

ТIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоь а, Туркойчоь а вовшаца гIоьртина яра. Лурчаха Соьлжа-ГIалин урамашкахь «Букъа юккъе урс» цIе а тиллина, митинг дIаяьхьира 100 стага, Шеман стиглахь туркоша дохийна кема чудаийтина бохуш, бехкаш дохкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG