Испанерчу садоIийлехь дIайоьдучу дискотекехь дов даьлла, италхочух леттачу нохчочун цIе Iораяьккхина Испанин зорбанаша. Нохчийчуьра схьаваьлла, Страсбургехь тхвокIело елла веха, профессионалан латархо Бисултанов Расул ву иза. Иштта зорбанаша яздарехь, Оьрсийчоьнан Iедалца проблемаш гIаьттина, Франце ведда веана Бисултанов. Цо дакъалаьцначу туринирех а дуьйцу Барселонан газетано, ю церан могIарехь Францехь дIаяьхьна чемпионат а.
Страсбургерчу Бисултановн тренерца а зIе хилла Испанин. Хьехархочо бахарехь, тIаьххьарчу 6 шарахь спортаца жигара вара лаьцнарг. Амалца тийна, къинхетаме вара и жимтсаг аьлла тренро.