ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан прокуроре шайн кIентий боьху Турбинерчу бахархоша


«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета гIерташ хилла аьлла, Iедало бехкевина латтош волчу шина вахархочунна тIехIоттар доьхуш 150 сов Нохчийчоьнан бахархоша кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан Инарла пркуроре Чайка Юрийга. Еарийдийнахь «Новая газетано» зорбане даьккхина прокуратуре дахьийтина кехат.

Бахархоша даредарехь, бехкевина Тарамов Мохьмад а, Тазбиев Джамалай а харцонца лаьцна ву, масех дийнахь шайна тIехь ницкъ бича, ца бевллачу денна тIелаьцна цара бехк. Кехата тIехь Турбинехь бехачу бахархоша а, бехкебечийн гергарчара а доьху Чайка Юрийга, суьдхошка нийсо яйтар, шайн берашна тIехь Iазап латтийнарш, харц гIуллакх айдийнарш а кхеле хIиттор. Дечкен-Беттан 27-чу дийнахь суьйранна дIалаьцна ву Тарамов а, Тазбиев а. Лаьцна ши бутт баьлча ДаIишхойх дIакхета лаам хилла церан аьлла, бехк кховдийна Iедало.

Маршо Радиога лецначийн гергарчара дийцарехь, Беслан цIе йолчо а, бехктакхаман декъан куьйгалхо Магомедов Мамед а цхьана а волуш, ток йеттийтина цушинна, коьртах телатан тIоьрмигаш а бухкуш, садукъдеш хьийзийна и ши кIант. Цу шиммо тоьшаллаш дарца, царна хьалха иштта ницкъбина лаьцна кхобучу Лабазановна а, Бекхановна а. Эпизод ялайо, и шиъ «шпагате» хаийна кхабарх лаьцна а.

Махкарчу Iедало, даим а санна, бакъ ца до и дерриге а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG