ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша шаьш вигар тIе ца дуьту Бакаев Зелимха


Иллиалархочун Бакаев Зелимхан гергарчара полицин декъе хаам ца бина, шайн кIант варах аьлла «Кавказан узел» агенталле махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало. Соьлжа-ГIаларчу полисхоша Зелимха вигина аьлла хета цуьнан доттагIашна.

Артистан гергарчара дийцарехь, тIаьххьара гина иза кху беттан 8-чу дийнахь. Сурт гинчара дийцарца, тIеман барзакъ доьхначу наха машенчу а тоьхна, дIаивгина иза.

Шинарийдийнахь «Кавказ.Реалии» портало даржийра Бакаев варах. Москох веха кIант шен йиша маре йоьдучу цIа веана хилла.

Анониман хьосташа къайлах аларца, Кадыровн администрацера хьаькам ву Бакаев варна бехкехиларца шеконехь кхобуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG