ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков Дмитрийн кIентан бахам гучубаьккхина Навальныйс


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретаран Песков Дмитрийн дуьххьарчу зудчо виначу кIентан бахам теллина Навальный Алексейс урхалла дечу коррупцица къийсам латточу фондо еаридийнахь. Интсгарамерчу цуьнан кIентан Чоулз Николайн суьрташ даладо талламчаша. Цара бахарехь, масех шо хьалха Британера Оьрсийчу вирзина Чоулз.

Суьрташ тIехь гуш ду, кIант элитан машенаш тIехь лелаш хилар, масала, Tesla, Range Rover и Ferrari. Талламашкахь дуьйцу, 30 миллион гергга мах болу Москохара петар Чоулзан долахь хиларх а, дIа-схьа воьдуш иза доларчу кеманна тIехь воьдуш хилар а. Билгалдоккху, Песковн кIант цхьанхьа а болх беш ца хилар. Фондан белхахочо шега телефонехь хаьттича, Чоулза бакъдина и.

Иштта фондан талламчаша, Британин юстицин хаамашна тIе а тевжаш, дуьйцу, ша оцу пачхьалкхехь вехачу хенахь масех тIелатаршкахь иза хиллийла а. Оцу бахьанашца 2009-чу шарахь шо гергга набахтехь а даьккхина цо.

Песков Дмитрийн кIантана дуьхьал Оьрсийчохь а айдинера зуламан бехктакхаман гIуллакх, шен денанна тIе куьйг айдина аьлла. ТIаьхьа дIакъевлинера и гIуллакх а.

Фондо яздарехь, Чоулза 100-зза сов некъан низамаш талхийна меттигаш а бу, иштта алименташ ца луш, дуьхьалваьлла а ву иза.

Оппозиционеран фондо масийтазза бехкевира ша Песков Дмитрий а, иза коррупцица возуш хиларца а, цуьнан долахь дуккха а гIишлош, деза сахьташ, бахам а хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG