ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Багги машенаш арахоьцур ю Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу индустрин министралло дуьйцу, Устрада-ГIаларчу машенаш ечу заводехь ницкъаллийн структурийн белхахошна лерина багги олу спортан машенаш ян дуьйлалуш ду аьлла. Багги машенаш хехкало лаьмнашкахь, аренашкахь, уьшалашкахь а.

Цхьана машенчу тарло 3 стаг, 250 кила хиллал мохь дIа а бахьало цуьнга. ХIора баттахь 30 машен арахеца Iалашо ю заводан. ХIинццалц схьа кхечу пачхьалкахшкахь оьцура Оьрсийчоьно и машенаш.

ТIейогIучу хенахь Нохчийчохь туристашна лерина спортан автомобилаш а арахоьцур ю аьлла министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG