ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу хьехархошка экзаменаш йолуьйтур ю


Оьрсийчоьнан 15 регионерчу школашкарчу оьрсийн меттан а, математикан а хьехархойн дезар ду тестех чекхбийла. Москохара дешарна а, Iилманна а тIехь терго латточу урхалло бина и хаам «Керланаш» агенталле. ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а нисъелла оцу экзаменаш лучарна юкъахь.

«Рособрнадзоран» куьйгалхочо 4 бутт хьалха дIахьедора хIора иттолгIачу хьехархочун оьрсийн маттаца а, математикаца хIуьттучу проблемех, лакхара доьшийлаш чекхъяьхначул тIаьхьа дукхахболу хьехархой урок хьеха хууш цахиларх.

Оьрсийчоьнан дешаран, Iилманан министро Васильева Ольгас юкъадаьккхина педагогаш тестех чекхбахар.

Кхо шо хьалха Кадыров Рамзана а ялийтира ЭГЭ олу пачхьалкхан экзамен шен гоне. Буса кхо сахьт даьллачу хенахь стоьлан гонах хаийра цо Эдельгериев Абубакар а, Тумхаджиев Iийса а, Даудов Мохьмад а, Кадыров Ислам а. Оцу шарахь дешаран министран даржехь хилла Музаев Анзор тIехьожург вара.

Бакъду, экзаменан жамIаш гучу ца дехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG