ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Зара.Live»: Европе эмиграци. Оьший-те?


Муртазалиева Зараъ
Муртазалиева Зараъ

Муртазалиева Зараъ – политикан тутмакх хилла, оьрсийн Iедало 8,5 шо хан набахтехь яккхийтина цуьнга, Москох теракт кечъеш хилла аьлла, бехке а йина.

Бакъонашларъярхоша а, журналисташа а чIагIдора, Зараана тIебаьхьна бехк политикан бух бен боцуш хиларх лаьцна.

Масала, полицин декъехь Зараан тIоьрмигчу кхоьсина хилла пластид кхел йоьдучу заманчохь кхи гучу а ца яьккхира.

Мордовехь хан текхна, маьршаяьллачул тIаьхьа Францехь тховкIело елла, цигахь еха Муртазалиева Зараъ.

Кхузахь арахецна цо шен афтобиографин «БархI шой ах шой. Путинан набахтешкарчу зудчуьнгара хьал» киншка.

Масех кеп-кепарчу дуьненаюкъарчу организацино совгIаташ дина Зараана.

Мискачу нахана а, набахтехь гIело хьоьгучарна а гIо деш, кест-кеста сагIадаран акцеш вовшахъетта Муртазалиевас.

«Зара.Live» эфиран хьалхара дакъа ду эмиграцех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG