ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТазбиевгIар цIа бахкийтина, амма царна еттар бакъду


Tatarstan -- police torture
Tatarstan -- police torture

19:32 (Москохара хан) Старопромыслан кIоштан криминалан полицин куьйгалхочо Магомадов Мамеда шен машенахь цIавигина Тазбиев Мохьмад а, Тарамов Салман а. Церан лулахоша чIагIдо, царна йиттина хилар.

Царна тIаьххье «кхеле» бигинчу ТазбиевгIеран лулахойх ДударовгIарех хилларг кху сохьта хууш дац. ТIаьххьарчу «Новая газетан» хаамшаца, уьш полицин декъехь бу.

Оцу юкъанна полисхойн керта вуьту, хIинццал полицин декъан пенаш лардеш лаьттина адвокат Рутковский Владимир. Полисхой цунна тIебоьлхучу хенахь адвокат телефонехь къамел деш хилла. «Новая газете» кхуьнах информаци муха кхаьчна? И хаттар дина цхьана полисхочо адвокатна тIе ма кхаьчча. Эццахь зIе хаьдда...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG