ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаев Зелимха къайлахчу набахтехь латтош ву


Нохчийчохь вайначу иллиалархочун Бакаев Зелимхан уллера доттагIийтешна бу, полисхоша вига а вигина, къайлахчу набахтехь иза латтош хиларх. КIентан гергарнаш ца хIуьтту журналисташца къамеле бовла.

Кху беттан 8-чу дийнахь шен йиша маре йоьдучу денна Москохара цIа веана Бакаев, Соьлжа-ГIаларчу божарша месаш тоечу цIа чуьра араволучу заманчохь тIеман барзакъ доьхначу наха лачкъийна, вигина.

Иллиалархочун гергарчо «Кавказ.Реалии» портале дийцина: "Цуьнан гергарчара доьзалехь конфликт эккхар бахьана долуш цIера дIавахана бохург бакъ дац. Иза ишта хилча, хIунда ца доккху цара полице орца? Цхьа а дов дацара, къайлахчу набахтехь полисхоша латтош ву иза", аьлла.

Зелимха лацаран масех бахьана хила тарло, кхи дIа дийцина артистан доттагIчо: "Наха кеп-кепара эладиттанаш дара цунах лаьцна хезош, амма и бакъ дац. Цунна патармаш я наркотикаш кисана тийсина хила а тарло".

Бакаев дIавуьгучу дийнахь дог таьIна вара аьлла, дийцина кIентан езаро: "Шен цхьа проблемаш хIиттина, соьца дан дезаш къамел ду элира цо, амма цул тIаьхьа дуьйна кхи зIене ваьлла вац иза".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG