В 20:20 (Москохан сахьтаца) "Новая газетана" хаамбина, ТазбиевгIеран а, ТарамовгIеран а кIентий схьабоьхуш Оьрсийсоьнан Инарла прокуроре яздинчу кехатна буха куьйгаш яздина аьлла, лецна бигина ДударовгIар Жамалй а, цуьнан хIусамнана а полицино дIахецарх.
Адвокатах Рутковский Владимирх хаамаш бац.
Цхьа полисхо адвокатна Ахмадова Хьавана тIе а веана Рутковскийн машенан догIанаш схьадехна.
20:55 (Москохан сахьтаца) Старопромыслан кIоштарчу полисхойн декъан белхахой ду шаьш аьлла баьхкина, юха а дIавигина Тазбиев Мохьмад а, Тарамов Салман а, яздо «Новая газетано».
Лада Приора Т153УА95 rus машенахь дIабигина уьш.