ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ишта атта а дац ХьаьжцIа ваха


ХьаьжцIа боьлхурш новкъа буьйлуш бу. Цу хьокъехь хаам бо мехкан муфтиято а, Iедалан хьостанаша а. И фарз кхочушдар хаъал дазделла 3 эзар долларал тIехдаларна республикана еллачу 2600 меттигах цхьаерш схьаецанза йисна.

Муфтиятан хьостано чIагIдарца, хьаьжой хила Iалашонца нигат дина арабевлларш, цхьайолчу Iаьрбийн пачхьалкхашкара тIемаш бахьнехь, церан кхерамазалла шеконехь цахилийта хIаваакеманашкахь кхачор бу цига дIа.

Мелла некъ борах бу бохуш, лула-куларчу мехкашкахула билеташ а эцна, новкъа а бевлла хIинцале цхьаболу нохчий. Масала Новр,Теркйист кIошташкара бахархой кху беттан 17-чу дийнахь дуьйна некъахь бу. Цунах а нехан кхин дIоггара таронаш цахиларх а дуьйцуш ву Теркаца йолчу ярташкара Халил а, Бавди а.

Халил: "ХьаьжцIа оьхуш берш новкъабуьйлуш бу. Тхан юьртара а бахна суна хууш кхоъ. ГIебартойн махкахула бахна цхьаберш".

Бавди: "Эха буьйлабелла. Маьхаза меттигаш ю ала-м ца хаьа суна. Шайн таронца боьлхурш хьалха алсамо бара, хIинца-м мисканаш дукха бу. Атта вахалур вац хьаьжцIа. Валлай вахалур вац хьаьжцIа атта-м хIума юуш вергга-м. Ахчанаш долуш ма бац миска нах. ХIинца-м цхьаболчарна бен дIа а дац мухха вахча а карахь сом хилчахьана".

Шен чоьтах, ша хьаннал вовшахтоьхначух хьаьжцIа баха аьтто бацар хьалхадоккхур хIораммо а бохург санна могIарерчу вахархочо. Иштачех ву пенси ваххалц хьехархо болх беш схьа веъна Соьлжа - гIалара ШоIип.

ШоIип: "Суна хууш гIалара кху беттан 23 дийнахь дуьйна дIахьежор болуш бу хьаьжой. Маьхаза бохуш суна хезна а дац. Кхечара гIо а деш боьлхуш берш дукха бу дер-кх! Хьаннал тохалур дуй оццул ахча вовшаха, хIа-а?! Соьга-м тохалу дац. Пенси хьажо меттигаш мел дукха ю".

Хьаьжча баха Iедало гIо цадар, маьхаза меттигаш цаялар новкъадеънарш дукха бу. Изза йоцу таро ю и санначара ялхориг а. Дойкар эвлара Заьвди ву дуьйцуш.

Заьвди: "Таро йолчара гIо а деш дIаоьхурш дукха бу. Са-м яц и таро. Сан мича хир ду иза пенсии тIе а хиъна Iаш волу? Со саннарш мел дукха бу хаьий хьуна?"

Хьаннал, ша даьккхинчух боьлхурш берш дукха бац аьлла ойла кхобучех ву Гуьмсан кIоштера Вахаев Сала а.

Сала: "ХьаьжцIа ишта боьлхурш а, вуьшта боьлхурш а дукха бу. ЦIарна боьлхуш берш а бу. Хьаннал даьккхинчух боьлхурш дукха бац, кIезиг бу. И санначун йиш ца хуьлу ваха. Наха ахча а делла вохуьйтуш велахь а галдела хIума ду аьлла ца хета суна, нагахь и стаг вахийта хьакъ а волуш вохуьйтуш велахь. Билггал шен таро а йоцуш цо и ахча схьаэцнехь муххале а. Вуьшта шен кертахь даьхний а, кхидерг а, аьтто а болуш ваха, нехан чоьтах и воьдуш велахь иза кхин ду…"

Хьоладас хьаьжцIа ваха ахча делла гIийла воллучу цхьана юьртахочунна, лаьий хьуна хьо гIо, лаахь хьайна луъург а вахийта аьлла. Цу мискана ахча деллий а хиъна, цуьнан геннара гергара, 5-6 хьаьжцIахь хилла а волу юьртахо вогIу и волчу, "хьо жима вара, хьо кхуьур вара тIаккхахула а ваха, со вахийтахьара ахь" олий, цо дехар дича, дешна а волчу къаночух эхь а хетий, и пекъар фарз кхочушданза вуьсу. Цу кепара хьаьжцIа оьхучех хIинцца къамел динчу Вахаев Салас элира.

Сала: "И саннарг дар, делдахь ду эхь цахетар. Цуьнан хьаьжа муха хир ду-м хаац, амма цо лелориг эхь цахетар ду. Оцу кепара эхь-бехк а дайина цига муха воьду? Цхьамма гIо а дина шолгIа а ша воьдуш хилча, бакъволчу бусалба стага мелхо а ша цкъа хилла цигахь, шел гIаддайнарш а, де эшнарш а шорта бу, цхьа кхинарг вахийта ала декхар му дара…Нахехь ийман ледара хилар ду…"

ХьаьжцIа бахар хьокъехь махкахошца дагавийларо гойтург дара иттанна юкъахь 1-2 воцург шен чоьтах, ша хьаннал даьккхинчух ваха йиш йолуш цахилар. Цунна бахьанаш а дагардора наха шортта, коьртаниг белхан меттигийн къоьлла хиларца дозаделла а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG