ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова Хедас харцдо "Новая газета"


«Керланаш» агенталле Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дIахьедина, Оьрсийчоьнан прокуроре яздинчу кехатна буха куьйгашяздинчу Старопромыслан кIоштарчу Турбинера бахархошна йиттина, тIехь ницкъбина, бохуш, «Новая газетано» зорбанашкахь даржор, бакъцахилар.

"Еарисуьйранна, и материал зорбане яьллачул тIаьхьа, соьца зIене велира Оьрсийчоьнан адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан куьйгалхо Федотов Михаил. Цо тIедиллира суна полисхойн декъе а яхна, цигара хьал таллар. Оцу кIоштарчу полисхойн декъан куьйгалхочуьнца Магомадов Мохьмадца цу сохьта зIене елира со. Цо дийцира, цхьацца хеттарш дан бехкебечийн гергарнаш а, кехатна куьйгаш яздина масех вахархо а полице тIебалийна хиларх. Цул совнах, сан цхьанакхетар хилира вуьйцучу Тарамов Салманца а, Тазбиев Мохьмадца а. Цара а бакъ ца дира, шайна еттар", аьлла Саратова Хедас.

Иштта бакъонашларъярхочо дийцина, Турбинан бахархошна хууш цахиларх, шаьш хIун кехатна буха кьуйгаш яздо, кехатан чулацам шайна бовзийтина цахиларх а.

ПIераскандийнахь, Саратован дешнашца, бакъонашларъяран центран офисе веана хилла Турбинера 60 вахархо. Цаьрца къамел деш, гучудаьлла, царех цхьанна а шаьш стенна куьгяздо хууш ца хиллийла.

«Новая газетано» бахархой нуьцкъаш балийна алар а тIе ца дитина Саратовас. "ДIахаттал, царех муьлхачуьнга а, цара харцдийр ду шайна тIехь ницкъбина Iедало бохург".

Уьш берриш а шайн лаамехь баьхкина бара, аьлла бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG