ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 шо кхечи нохчийн тIемалоша оьрсийн кема Ханкалахь чудаийтина


Нийса 15 шо хьалха Ханкалахь хилла хIаваъера бохам, Оьрсийчоьнан тIеман авиацехь уггаре а кIоршамечарех бара. Марсхьокху беттан 15 -чу дийнахь делкъал тIаьхьа Мазлакх-гIалара тIеман базера айаделла, Соьлж-гIалана йистехь йолчу Ханкаларчу купа доьдуш хилла МИ-26 олу тIеман беракема.

Охьахаа кIезиг хан йисинчу хенахь, цуьнан цхьана моторах цIе а яьлла, базана гонахь йолчу майдане охьахиънера иза. Цу чуьра ара а лелхаш эскархой дIабевдча, гобаьккхина хIиттийначу минаш тIехь лилхинера дуккха а. Кхиберш баьгнера цу чохь. Ша верг веллера 127 эскархо, шайна юкъахь могIарера салтий а, лаккхара эпсарш а болуш.

Беркаме чударан де ерриге а Оьрсийчохь тезетан де аьлла дIакхайкхира хIетахь. Эскархошна халонга даьллера иза. Теша ца лаьара царна, иза тIемалоша чудаийтина аьлла, цундела хаамийн гIирсашкахула тайп-тайпана версеш юьйцура "мотор галбаьллера", "тIехсов кема дуьзина дара", бохуш.

Амма, дукха ца Iаш интернетехь тIемалойн цхьана сайташкахь видео гучуелира, цара ракета а тоьхна и беракема чудоуьйтуш. ТIаккха официала даре дан дийзира беркаме «Игла» олу ракета а тоьхна, чудаийтина аьлла.

Цул тIаьхьа шайга ялуччу кепехь хIуьттаренаш йира эскархоша. Цхьанге а хатта а ца хоьттуш, бакъо йоццушехь Ханкальскан урамера пхоьзза тIекIал дина петарийн цIа эккхийтира цара, чуьра нах ара а баьхна. Бахьан - шайна кхерамазалла лакхаяьккхархьама.

Оцу цIа чохь шен петар а йолуш яьхначу Сальмурзаева Луизас дийцира Маршо Радиога шен дегабаамех, оьгIазаллех а.

Сальмурзаева: "Тадийчхьана долуш дара тхан цIа. Бахархой чуьра ара а кхуьйссуш, заьIап стаг а яра тхан лулахо, иза а тIаьхьа, эккхийтира цара цIа. Ханкальскан, 9, корпус 7 адресца дара и цIа. Шу ара ца довлахь, шу чохь а долуш оьккхуьйтура ду элира тхоьга федералан эскарша. Таханалерачу дийне кхаччалц оха кхеле делча а гIуллакх хуьлуш дац. ХIинца Европерчу кхеле а цхьана орца доьзу оха".

Кхеле и гIуллакх делча а, иза ца талла муьлха а бахьанаш даладо Iедалша. Эххар а, кхи жоп доцуш бисича, аш шаьш вовшахдаьккхина шайн цIа аьлла, тIедибиллина тхуна бехк, бохуш, дуьйцу Сальмурзаева Луизас.

Сальмурзаева: "Оха тхаьш иза вовшахдаьккхина олу тхоьга. Оха муха доккху 5 гIаттах лаьтта доккха цIа? Халахеташ ду тхуна иза. Нехан петарш чухула лелаш бу цу чуьра нах. Цхьанахь хи тIедаьлча а, кхидерг хилча а сихонца гIо до Iедалша. Ткъа вайн нохчашна ца до иза!".

2008-чу шарахь Ханкалахь беракема чудаийтарна бехке бу аьлла, яьккхий хенаш а тоьхна набахте хьажийра 4 нохчийн жима стаг. Талламо къастийнера оцу дийнахь 6 микрорайонехь Тухачевскан урамехь, хIинца стадион йолчу меттигехь, дIатесинчу цхьана цIа чу а хевшина, и ракета тоха кIело цара йина хилар.

Мазлакера схьадогIу беракема лахделлачу хенахь тоьхна хилла цара иза. Оцу веанннех кхаанна белла дIабовллалц хенаш кхайкхийна, ткъа цхьанна 13 шо хан туьйхира.

Оцу бохаман тIаьхьалонех аьлча, хIетахь тIеман министр хиллачу Иванов Сергейс дуккха а инарлаш а, лаккхара эпсарш а дIабехира эскар йохьIаьржа а хIоттош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG