ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хараев ИбрахIим: Дитича хIун дара те чIир екхаран Iадат?


Книган автор Хараев ИбрахIим
Книган автор Хараев ИбрахIим

Нохчийн чIирах лаьцна книга зорбане яьлла кху баттахь Москох-гIалахь. Цуьнан автор ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь вехаш волу бизнесхо Хараев ИбрахIим. Деххачу шерашкахь язйина цо и книга. Иза йоьшуш чIагIло ойла, авторан и ламаст чIогIа сагаттадойтуш хилар.

Маршо Радиога цо дийцира, шена дага муха деъна а, хIун бахьанашца ша иза язйина а.

Хараев ИбрахIиман книга
Хараев ИбрахIиман книга

Хараев: "Со аренца лелла ву дукха жима волуш дуьйна. ЦIавеъча, хIара мичахь ву, важа мичахь ву аьлла хаьттича, иза чIиран вийна, важа чIир йолуш лечкъаш ву олура. Боккха бала бу-кх чIир боху и хIума. Иштта ас гулйинера 20-30 иштта хиллачу бохамийн дагалецамаш. Цу тIехь язйина ю и книга".

Книги тIехь 18 бIешарера шина доьзална юккъахь цхьа ларамаза иккхинчу девнан тIера дIадолало иза. ТIаьххьара доьрзу пачхьалкхан дозанал арахьа вехачу цу доьзалийн тIаьхьенан маслаIатца.

Ша баккъала хилларг цхьана кепе а дерзина хIоттийна и книга, цундела хета шена цуьнан мехал а, бохуш кхин дIа а дуьйцу Хараев ИбрахIима.

"Амма нохчашлахь дуккха а ма ю чIираш"

Хараев: "Иза йолалучу хенахь 1792 шо аьлла язйина ду ас. Суна билгал оцу хенахь хилла дуй ца хаьа иза, амма хилла хIума ду. Ваша шен йиша ялош цIавогIуш хилла, цунна дуьхьала бевлла хилла и йоI йига Iалашонехь хилла вежарий. Цаьрца дов долий, бархI стаг а, оцу йоьIан ваша а ле цигахь. И дов-м дукха гена далале сацийна хилла, амма вайн дуккха а ма ю чIираш 100 а, 200 шарахь а лаьтташ йолу".

Ша язйина книга дукха нахе ешийтина цо иза зорбане ялале. Ешархошна хетарг теллина цо. Хууш ду чIир боху хIума ширчу заманахь нехан юкъаметтигаш цхьана кепехь латтош хилла, юкъа эвхьазлонаш а, кхидолу къепе доцу хIуманаш а ца хуьлуьйтуш.

Ткъа, таханлерлерачу заманахь зулам динчу стаган таIзар дан Iедал хилча и гIиллакх дIадаккха деза, аьлла хета цунна. ТIаккха а тешам бац ахчанах-бохчанах бохкабала кийча болчу Iедалхойх, дуьйцу шега книга ешначара, боху Хараев ИбрахIима.

"Соьга хаьттича, вай а паргIат довла деза цуьнах"

Хараев: "Наха ешна и книга. Шайна хетарг а олу цара. Iедал ледар хилча бехке верг ахча дIа а лой прокурорах а, кхелахочух а кIелхьара волу. ТIаккха цхьа дахло и зулам, цхьаъ воь, юха важа воь. Вайн санна кхечу къаьмнийн а хилла и чIир. Соьга хаьттича, вай а паргIат довла деза цуьнах".

Хараев ИбрахIим дуьхьала ву чIир екхарна. Амма вайнехан юкъаралло чIогIа тIеIаткъам бо иштта а чуьра стаг вийначу доьзална, цара чIир ца екъна бохуш. Доккхачу декъанна, цхьаболчара и чIир екха луш ца йоькху, наха кхана шайна бехк билларна кхоьруш аьлла,билгалдаьккхира цо.

Хараев: "Воккхачу стага гечдахь, иза хьекъал долуш ву олу.Ткъа жимчу стага дитича, кхеравелла олу. Цхьаммо элира: "Делах ца кхоьру вай, наха олучух кхоьру". Хийла суна бевзачу бизнесхоша олура, цхьа ахча кховса нахаца гIуллакх Iоттаделча: "Ша-м дуьтур а дара и ахча, амма наха шена а, шен кIенташна а дуьхьал тухур ду-кх, "кхеравелла хьо" аьлла".

Книга зорбане ялале иза ешначарах ву Iамеркан вевзаш волу актер Дакаскос Марк. ИбрахIимца доттагIалла лелош ву иза. Книга йоьшучу хенахь, цхьацца меттигашкахь бIаьргах хи даьлла а хилла цуьнан, шайн кхоллам нохчаша бIаьргнегIар а ца тухуш, хуьйцуш хиларна.

Хараев а, актер Дакаскос Марк а
Хараев а, актер Дакаскос Марк а

Маршо Радиога масех дош элира актера ИбрахIиман книгех лаьцна.

"Со чIогIа воккхаве ИбрахIима и книга язйина"

Дакаскос: "Салам-маршалла ду шуьга. Со Марк Дакаскос ву. Со шозза хилла Нохчийчохь. Цкъа ИбрахIимца хилла. Суна чIогIа дукхабезабелла и мохк. Со чIогIа воккхаве ИбрахIима и книга язйина. ИбрахIима сан чIогIа ларам бина, и книга зорбане ялале соьга ешийтарна. Суна чIогIа тайна и книга. ИбрахIиман хаьа иза. Суна хазахета иза. Суна луур дара цуьнца цуьнан кхин дIа а аьтто хила а".

Хараев ИбрахIим, шен аьтто хилахь, шен книги тIехь Голливудехь кино яккхийта дагахь а ву. Оцу тIегIанера дукхачу говзанчаша вуно дика кино хир яра цу тIехь аьлла, хаста а йина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG