ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ломаз-Юьртахь газ иккхина, нах баьгна


ХIусамашкахь яго газ бахьнехь 19-чу дийнан сархьо рогIера бохам баьлла Теркйист кIоштан Ломаз-юьртахь. Шаипов Рамзана цIахь иккхина газ. И оьккхучу мIаьргонехь цу хIусамехь хилла виъ кIант-кхизахо: Мисирбиев Асланан а,Макаев ТIаусан а, Шаипов Рамзанан а кIентий. ВоьалгIаниг хилла лула юьртара хьошалгIа веъна оцу тIаьххьарчуьнан йишин кIант.

ЦIеххьана кхерстинчу цIаро багийна мерцина кхиазхой дуьххьала, Теркйист кIоштера ткъех чакхарма бен гена йоцчу ХIирийн мехкан Мазалк гIалин дарбанан цIийне кхачийна. Бахархоша дийцарехь, дархойх шиъ Мисарбиев а, Шаипов а догIмаш 80-90% дагийна ду. Дан хIума дац аьлла, лоьраша къаро йинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин лазартне кхачийна.

Дийцарехь 50-60 процент вагийна ву виссина шиъ а. ЦIаро багийначу кIентийн дукхе дукха гергарниш а, беза-бевзарш а бу царна саготта дарбанан цIийнашкахь, гIаролхой а хилла, лаьтташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG