ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волкер Курт цхьаьнакхетар ву Минскехь Оьрсийчоьнан векалца


Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт.
Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт.

Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт цхьаьнакхетар ву Оьрсийчоьнан векалца оршотдийнахь Минскехь. И хаам тIечIагIбина ТАСС агенталлана Беларусин арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Мирончик Дмитрийс. Цо дийцарехь, и мероприяти хир ю, чIаьгна неIарш а йолуш.

Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан Украинехь волу леррина векал Волкер Курт цхьаьнакхетар ву Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча волчу Сурков Владиславца аьлла хаам бинера хьалхо «Известия» газето, Оьрсийчуьрчу дипломатин хьасташна тIе а тевжаш.

Оьрсийчоьнан президентан администрацина гергарчу хьастано дийцинера газете, цу цхьаьнакхетарехь коьрта тема хир ю Украинин малхбалехь хIоьттина хьал дIадерзош Минскехь бина барт кхочуш бар аьлла.

Волкер Iамеркан Украинехь волу леррина векал хIоттийна Товбеца-бутт болалуш. Оцу беттан 23-чу дийнахь иза хилира Донецкан кIоштахь, ша аьлча Украинин Iедалша урхалла дечу Авдеевкехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG